Къонаха - Тамила Сагаипова

Къонаха - Тамила Сагаипова

Альбом
Ойланаш
Год
2019
Язык
uzbcyr
Длительность
310640

Below is the lyrics of the song Къонаха , artist - Тамила Сагаипова with translation

Lyrics " Къонаха "

Original text with translation

Къонаха

Тамила Сагаипова

Ма дукха хьийзи хьо дай баьхна латта

Маршоне кхачорду хилламо бохуш

К1ант валлац Даймехка сий хилла г1атта

Наб кхетта вай дегнаш сама, а дохуш

Кхи довда, довла, а меттиг, а боцуш

Къизалло ше буйна 1оьвшийча вай

Бакъонтъехь ша хилар шеконехь доцуш

Хада ца дитийра, дахаран тай

Мила, а вацара синах дог диллал

Деза дукъ тъе лаца реза хинверг

Доьналам хьаха бац, хьен-хьена кхача

Къонах бе ца хуьлу цуьнан хам беш

Доьзал а, ше са, а терзане дуьлуш

Цо кхайкха ма дира Нохчочуьн ц1е

Кхиа, а даха а, вайна некъ буьлуш

Дуьне, а тоьшуьйтуш бакъ волчу шех

Даймехка дуьха цо ше са д1а делла

Лахийна, эшийна 1ожаллийн дохк

Адамийн дегнашчохь вац изза велла

Тоьшалла цхьаъ дукха хаз белла мохк

Докхачу ни1мате кхаьчна вайн тахна

Къонахчуьн некъ ларбеш къонаха го

Халкъ дезар, мохк безар ду цуьнан бахьна

Уьш мел бу гур ма дац, махкана во

2+ million lyrics

Songs in different languages

Translations

High-quality translations into all languages

Quick search

Find the texts you need in seconds